Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Талламан Комитето зуьйш ю ГIалгIайн ШарIан кхел

ГIалгIайчохь динан бакъонца девнаш луьсту ШарIан кхел яхана Москварчу хьаькамийн тидамна кIел


2019-чу шеран Мангал-беттан11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан белхахой хьаьвсина ГIалгIайчоьнан муфтиятан а, Бусалбанийн Центран а хIусамех. Хеттарш дина БЦ-н куьйгалхочуьнга Хамхоев Iисага а, цуьнан вешига Мусага а (санитаран хьелаш талхорна дукха хан йоццуш дIакъевлинчу Несарарчу базаран да ву Муса). Левина талламчаша муфтиятан къеда Мартазанов Iабдурахьман а.


Яц Iеламчаш "ахка" еанарг меттигера полици я къайлах сервис – ницкъхойн тоба арахьара яийтина ГIалгIайчу.  "Хьешаша" Бусалбанийн Центр гоне а лаьцна, теллина, дIадаьхьна цуьнан документаш.


Цул тIаьхьа Хамхоев а, Мартазанов а Талламан Комитетан Магасерчу декъан урхалле вигира. Лецначийн гергарнаш а, муфтиятан белхахой а гулбелира оцу метте. Левинчул тIаьхьа дIахецна ши Iеламча.


Меттигерчу тергамчашна хетарехь, ШарIан кхелан болх а, цо Iедалан урхаллашна мел новкъарло йо а талла бахкийтина хьаьакамаш. Ишта го шена, аьлла яздина Фейсбукехь, масала, жигархочо Абадиев Мусас.


Абадиевна хетачунна тIехь ву "Яблоко" партин ГIалгIайчуьрчу кегийрхойн декъан лидер Муцольгов Руслан а. Махкара Iеламнах шайна тIеберзо, муьтIахьбан гIерта Iедал, цо "массо а ницкъ арабаьккхина дерриг а куьйга кIел эца", ткъа цунна гIоьнна баьхкина федералан центрера нах, боху Муцольговс.




ГIалгIайн муфтиято дукха хан йоццуш ШарIан кхеле вийхира мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Бахьана дара "Россия 24" телеканало, ГIалгIайчохь "зуламхойн тобанаш" еха, низам а дохош, шен хьал дебош" ву муфти Хамхоев, аьлла, даржор. Муфтиятна хетарехь, мехкан Iедало некъ белла федералан телеканална ишта къамел дан.


Кеста хила безачу муфтин харжамашка Хамхоевга шен кандидатура ца йиллийта арабевлла хьийза ницкъхой, аьлла хета ГIалгIайчуьрчу оппозиционерашна.


Ша Талламан комитетера ара ма-велли, кху беттан 11-гIачу дийнан сарахь Iеламнахе а, махкахошка а вистхилла Хамхоев Iиса. Оьрсийчоьнан низамаш, конституци талхош дина хIума дац Бусалбанийн Центро, элира цо, махкахой а кхайкхира ма-хуьллу низам лардеш хиларе.




Прокуратуро, полицино, Талламан комитето муфтият теллина хилар ца хьехадо церан пресс-гIоьнчаллаша. ГIалгIайн оппозици бен яц хилларг хьахош.


Оьрсийчоьно официалехь ца ло ШарIан кхелашна бехктакхаме гIуллакхаш листа бакъо, ца кхачабо цуьнга цхьана а кепара ницкъ. Делахь а, ШарI дахаре дерзош меттигаш а йогIу: "бусалба ипотека" ло Казанехь, Дагестанехь ю динца лела бизнес, доккхачу декъанна бусалба нах бехачу мехкашна бакъо ло динан дезденош балхах мукъадаха.


Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн Координацин центро ГIалгIайчоьнан муфтият тIех дукха гIерта пачхьалкхан гIуллакхашна юкъа аьлла, шен декъара яьккхира кхушеран юьххьехь.


ГIалгIайчоьнан Бусалбанийн центрах Хамхоев Iисас доладо 2004-чу шеран Мангал-беттан 8-чу дийнахь дуьйна. Оцу дарже иза кхозлагIа хаьржира 2014-чу шарахь. Махкарчу бусалбанийн рогIера гулам хила беза тIебогIучу баттахь. Центран куьйгалле ваха лаам ца къадийна цхьаммо а, Хамхоев юха а хIотта мега цуьнан коьрте, боху ГIалгIайчуьрчу тергамчаша.


Хууш бу махкахой, мел ца веза шайн муфтина ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Стохка бIаьста иза динах къастош такфир дира Хамхоев Iисас – оцо марсадаьккхира 2009-чу шарахь цушинна юкъадоьлла дов. Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташоно бекхбиллира Хамхоевна. Ткъа махкарчу Iедало дIахьедира, къоман барт эгIабо, хьал кегаре дуьгу муфтиято, аьлла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *