Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Полисхоша байинчу кегийрхойн кхел йийр ю Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу прокуратурано кхеле дIакховдийна 2016-чу шарахь полисхошна тIелатар дан Iалашо хилла аьлла, вийначу Дагестанерчу 8 вахархочун хьокъехь бехкзуламан гIуллакх, хаамбо адвокатан Сабинин Андрейн информацина тIе а тевжина, "Агора" бакъонашларъяран тобано.


Талламчийн версица, шина машенахь Нохчийчу боьлхуш хилла и кегий нах теракт дан Iалашонца, амма полисхоша юкъахдаьккхина хилла, уьш хIаллак а бина.


"Дагестанера бахархой тIехь болчу шина машенна герзаш диттина , уьш чохь а болуш яьгнера машенаш. Лар ен даьндаргаш лелорна а, машенех цIе яларна а юкъахь зIе ца карийнера экспертиза йича а. Кега-мерса чевнаш хиллачу полисхошна дерриг а дицделла хилллера, цхьабоса кхетамчуьра а бовларна. Ца карийнера церан духарна тIехь оьккхуьйтучу хIуманийн лараш а", - аьлла, билгалдаьккхина Сабинина. Цо бахарехь, гIуллакх кхеле дIакхачийна, дайинчу берийн дай-наной гIуллакх юкъахдаккха реза ца хиларна. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело доьху бехкзуламан гIуллакх листа Дагестане дIадалар.


Хьалхо "Медиазонас" яздира, Гуьмсан кIоштарчу Герзелна а, Энгел-Юртана а юккъехь ГIадужу-беттан 9-чохь буса байина бара уьш аьлла.


Оцу буса шаьш машенаш совцо гIоьртира, цара дуьхьал хьежа а деш, герз деттара аьллера ницкъахоша. Оцу инцидентех дуьйцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира, ши -кхо бутт а бара Дагестанера "зуламхой" республикан дозан тIехь диверсеш ян гIерта аьлла. И тусаделлачу полисхоша ГIадужу-беттан 7-10 деношкахь тIетаьIIина ха латтош дара Гуьмсан кIоштахь аьлла, тIе а тухуш.


Байинчийн гергарнаш тешна бу, шайн бераш полисхоша лечкъийнера аьлла: виъ Махачкалахь, виъ Хасав-Юьртахь. Оццу юьртарчу автосервисехь нахана а гуш, туьтмIаьжгаш йоьхначу наха лаххьийна дIабигинера и кегий нах. "Медиазона" хьостан хаамца, вовшашна башха бевзаш а ца хиллера и кегийрхой.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *