Протестийн лидерна тоьхна гIуда юхадаьккхина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело
"Протесташкахь хилла ву ГIадужу-беттан 5-чохь аьлла, Магасан кхело бехке а вина, 10 эзар сом гIуда тоьхначу Ужаховс чуделла арз листина кхелахоша", - дийцина агенталле хьосто.
Цо бахарехь, матераилаш зийначул тIаьхьа Лакхарчу кхелана гучудаьлла низамаш дохош хьесап дина хилар Магасан кхелахоша. Оцу бахьанашца церан сацам юхабаьккхина Лакхарчу кхело