Умаров: Нохчийчохь цхьанна а тIехь латтош гIело яц
Ишта Умаровс билгалдоккху, и хаам баржийна "Медиазона" "Нохчийчохь долчух мах хадо хьакъйолу ресурс а яц" аьлла.
Бакъонашларъярхоша "Медиазоне" дийцинера, Москвахь шен деца а, ненаца а ехаш йолу 20 шо долу йоI "Китеж" олучу кризисан центре еанера кху беттан 5-чохь аьлла. Ша чохь латтош а ю, бертаза маре яла хьийзош а ю аьлла, хаамбинера цо.
Цул тIаьхьа зIенера яйнера и йоI, амма кху беттан 12-чохь юха а зIене яла аьтто хиллера цуьнан. Ша Нохчийчу дIайига хьийзош ю аьллера цо.
13-чу дийнахь жигархой аэропортехь тIекхиънера цу йоIана, амма цуьнан дас, нанас бакъо ца еллера царна, шайн йоIаца къамеле бовла. Ткъа полицино дуьхьало йина ца хилла царна дIабаха.