Шена мэро Хучиевс еттийтар дита ца туьгу Элбиев Лом-Iела
Маршо Радионо хьалха довзийтина ма-хиллара, ша гIалина йовхо латточу "Теплоснабжение" хьукматан куьйгалхо волуш, шега алссам ахча доьхура, иза даккха гIерташ, шена йиттина мэран Хучиев Муслиман гоно, аьлла, арздира Оьрсийчуьра ведда Европехь къайлаваьллачу Элбиевс 2017-чу шарахь.
Адвокато Новиковс дехна кхеле, 2017-чу шеран ГIуран-беттан 12-чу дийнахь бехктакхаман дов гIаттор дац аьлла бина сацам юхабаккхар, Талламан комитетан белхахой дов айдан декхаребар.
Новиковс чIагIдарехь, талламчас тоъал ца теллина хIетахь хьал, "лелла дина зулам къайладахьа гIерташ".
Элбиевс бохург тIечIагIдеш, дуккха а тоьшаллаш даладо зеделла волчу долчу адвокато.
Кхузза дехна Элбиевс Нохчийчуьрчу Талламан комитетан хьукмате Хучиев Муслимна а, цунна гонахарчу массех стагна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар, амма Элбиевс ден тоьшаллаш дацаре деш схьабаьхкина кху хене талламчаш.