Украинахо Гриб Павел набахтех мукъаваккха реза ца хилла Оьрсийчоь
Жимачу стага хьалхо дехнера Украинан президенте Зеленский Владимире а, Лакхарчу Радин депутаташка а Оьрсийчоьно лецна латточу, набахтешка хьийсийначу украинахойн балакхачар. Грибна хетарехь, Украино дIакъовла деза Оьрсийчоьнца а, Беларусца а долу шен дозанаш.
"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, шена интернетехула евзинчу оьрсийн йоIаца Беларесерчу Гомелехь цхьаьнакхета Iалашо йолуш новкъаваьллера иза, амма Беларусехь цуьнан лар яйра 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь. ТIаьхьо "карийра" иза Краснодарерчу талламан изоляторехь. Гергарчара а, адвокаташа а дийцарехь, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша лачкъийна Гриб.