Путин кхин цкъа а президент хиларна дуьхьал бу 40% гергга бахархой
Путин кхин дIа а Кремлехь вита лаам гайтина 54% Оьрсийчуьрчу бахархоша. Жоп муха лур ду ца хууш бисинчу нехан терахь ду цкъа а ца хиллачу кепара лахара 8%.
Низамо бакъо ца ло Путин Владимирна моггIара кхозлагIа а президент хIотта 2024-чу шарахь. Говзанчаш чIагIдарехь, Кремлехь ойла еш бу, и кеп а ца йохош, Путинехь Iедал дитар хьокъехь.