Нохчийчоьнан вахархо вийна ГIирмехь хиллачу некъахьовзамехь
ГIирмерчу орцаллан министро Шахов Сергейс бинчу хаамца, вийнарг ву 22 шо долу жима стаг. Цо билгалдаккхарехь, лазийна некъахо а ву Нохчийчуьра. Цуьнан ду 23 шо. Иза Феодосин дарбанан хIусаме охьавиллина ву. ШолгIачу некъахочун лоьрийн гIо ца эшна.