Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ХIара – суна, хIара - юха а суна, хIара -гуттаренна а суна"

Гаджиева Зульфия

Дагестанерчу ГIизларан кIоштарчу 18 школин директорша ахчанца совгIаташ дина шаьш-шайна. Шайна тIехуларчу хьаькамашца дакъа а дина цхьаболучара.


Дешаран урхаллин администрацина ахча юха а луш

ГIизларан къоштарчу дешаран урхаллин куьйгалхочунна коррупцина дуьхьалоеш гIодан дарже хаийначу Карагаджиев Гитихьмига а, талламан комитетан векалте а арздина Победовски а, Зареченски а ярташкарчу школийн директорша Каримов Нурудина а, Лугуев Мохьмада а 2018-чу шеран гурахь.


Цара яздора, 2017-гIа шо доьрзуш школашка ахчан совгIаташ хьийсийна, амма ГIизларан дешаран урхалло ша берашна книгаш, спортан йийбар эца йоллу, оцу ахчанах дакъа юхадаийта боху, аьлла.




Лакхарчу хьаькамаша аьлларг кхочушдина школийн директорша. Керимов Нурудина бахарехь, цо кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхочуьнга Абасов Iабдулхьамиде шен школе даийтинчу 650 эзар сомах юхаделла 258 эзар сом. Ткъа Лутаев Мохьмада, цо ша бахарехь, шен школе даитинчу 250 эзар соьмах  проф-цхьаьнакхетараллин куьйгалхочуьнга Имартов Турсуне дIаделла 125 эзар сом.


Юьцу факташ талла тIеэцна ГIизларан кIоштан полицино 2018-чу шеран ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь.


Ткъа ГIуран-беттан 12-чохь полицино тергоне эцна ГIизларарчу берийн-кегийрхойн школан директора Омаров Мохьмада шайга даийтинчу 744 эзар соьмах 324 эзар сом кIоштан куьйгалхочуьнга Погорелов Александре юхаделла хилар.


Омаров хIинца вац оцу балхахь. "Цхьа а бахьана а доцуш", белхан барт бохийна кIоштан администрацино, цуьнгара ша ахча юхаэцна яьлча. Цо ша дийцира ишта "Кавказ.Реалиига". Даржера дIаваьккхина Лугуев а.


Ахчан совгIатех хилларг толлуш ю карарчу хенахь ГIизларара Талламан комитетан урхалла.


Полиграфехула бакъдерг гайта ца хIоьттира

Школашна совгIатдеш деллачу ахчанашца харцо лелийнийла гучуделира Зерашдечу палатина. Шайна 2017-чу шарахь ГIизларан кIоштахь лаккхара ахчанаш кхачийначу директорийн тептарахь ву 18 стаг.


КIоштарчу 42 школин директорех 18-нне бен стенна ца дехна ахча юхадалар? Оцу хаттарна жоп ца карийра Каримов Нурудинна.


"Талламан комитето хоьттург изза ду. Сан дац дала жоп. Школаша беъначу пайдане хьаьжжина хила а тарло", - боху цо.




Керимовс дийцарехь,иза а, Аббасов а цхьана левина талламчаша. Керимовс аьшпаш буьтту, аьлла Аббасовс. "Ас тIаккха полиграфехула зен деза бакъдерг, элира, амма иза реза ца хилира", - дийцира Керимовс "Кавказ.Реалиига".  


Ткъа журналисто шега телефон а тоьхна, динчу хаттарна делла жоп доцца дара Аббасовн: Каримовс аьшпаш буьтту. Кхин дош ца олуш, охьатесира телефон.

 


2013-чу шарахь Победовски юьртахь школин директор хIоьттина Каримов Нурадин. Гонах керт йоцуш, берашна кхача бала меттиг а йоцуш хилла школехь из а валлалц, ткъа цо тойина школа, хийцина кораш, неIарш, хIиттийна оьшу хьелаш. ГIо ца дехна Iедале, накъосташа, доттагIаша бина цунна и аьтто. Иза дерриг а дитина бала боцуш иза балхах вохийначара.


 Цкъачунна школе хьийсиначу ахчан совгIатийн хьокъехь таллам бу боьдуш. Цундела дукхахберш ца хIуьтту хетарг ала. Амма теша, дукха зама ялалале Iедалоахча дууш хьийзинчарна таIзар дийриг хиларх.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *