Шемахь тIом бина стаг чувоьллина Нохчийчохь
ФСБ-н зорбан сервисо бинчу хаамца, ша дийрачух кхеташ зулам дина цо, Шема Iаьрбийн Республикехь цу мехкан низамашца йогIуш йоцчу тIеман тобанна юкъахь дакъа а лаьцна, ткъа иза догIуш ца хилла Оьрсийчоьнан Федерацин хьашташца.
Соьлж-ГIалан Старопромыслан кхело бехке лаьрра Ханкаров и зулам дарна. Цунна 2 шо 6 бутт хан тоьхна суьдо колонехь даккха.