ХIун бахьанаш ду Израилан Iедалхойн Нохчийчоь кхераме мохк бу ала
"Туристашна дина цхьа тIелатар дац тIаьххарчу шерашкахь. Йа къола дина меттиг а бац, тIелетарш стенна дуьйцура", - аьлла Байтазиевс.
Хаттар хIутту аьлла министро, мича бух тIехь ду, Нохчийчоь кхерамечу регионашлахь ю аьлла, иза цIенчу тIегIане яккхар Израилан терроризмца къийсам латточу штабо. ХIун бахьанаш ду Израилан Iедалхоша "республикехь лелаш террорхойн организацеш ю" алар а, шайн бахархошка Нохчийчу ма гIо аьлла, кхайкхамбар а, хоьтту туризман министро.