Нохчийчоьнан туризман центр «Visit Chechnya» схьайиллина Истанбулехь
Центро болх бийр бу Истанбулерчу Оьрсийчоьнан визан центрехь. Цигахь дуьйцуш ду Нохчийн Республике баьхкинчу туристийн хир болчу аьттонех лаьцна.
Байтазиевс дийцарехь, Истанбулехь схьйиллинарг 6-гIа центр ю «Visit Chechnya» проект кхочуш ярехула. Министро бинчу хаамца, рогIера цу тайпа центр схьйоьллур ю Берлинехь а (Германи), Бернехь а (Швейцари).
Нохчийчоьнан туризман министралло далийначу терахьашца, 2018-чу шарахь Нохчийчохь хилла 150 эзар гергга турист. Уьш бара Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара а, ткъа иштта а генарчу а, гергарчу а кхечу пачхьалкхашкара а бахархой.