Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Хангошвили верна куьгбехке хила мега Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна Берлинехь

Берлинехь Маобит кIоштахь нохчийн къомах волу Хангошвили Зелимхан верна бехке хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна Оьрсийчуьра вахархо. Цунах лаьцна хаам бина Берлинан прокуратуро шен Twitter-хь.




Болчу хаамца, лаьцнарг латтош ву талламан изоляторехь. Цуьнан ду 49 шо. Немцойн "Берлинер-курьер" зорбанан гIирсо яздо и стаг Нохчийчуьра ву бохуш.


Маршо Радионо яздина ма хиллара, Германехь тховкIело елла Хангошвили Зелимхан вийна ПIераскана дийнахь Берлинерчу Моабит кIоштахь. Рузбанан маьждиге воьдучу цунна коьртах тапча а тоьхна къайлаваьлла вилиспетахь хилла зуламхо. 


Хангошвили Зелимхан вевзаш волу нохчийн тIемало вара. Иза схьаваьллера Гуьржийчуьрчу ПIаьнгаза чIожера. 2015-чу шарахь Тбилисехь гIалин юккъехь машенахь схьавогIучу цунна вен дагахь 4-зза герз тоьхнера муьлш бу ца хуучу наха. Амма чевнаш хиллачу Хангошвилин аьтто белира уллерчу дарбанан цIийне дIакхача. Цигахь Iожаллах кIелхьарваьккхира иза лоьраша.




 


Цул тIаьхьа Хангошвили дIавахара Гуьржийчуьра, цкъа дуьххьара Украине, тIаккха Германе. Цигахь политикан тховкIело ехнера цо немцойн Iедалшка.


Нохчийн хилла тIемало гIарвелира 2012-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Лопота чIожехь хилларг бахьана долуш. Цигахь Марсхьокху-бутт чекхболуш гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша тIом бира нохчийн тIеман тобанца. Хангошвили юкъарло лелош вара шина агIонна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале иза дуьненаюкъарчу лехаме велира Оьрсийчоьнан Iедалша.


Ша Хангошвилис цкъа а ца лечкъадора ша Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бина хилар. Тбилисехь ша вен гIоьртинарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара нах бу аьлла хетара цунна.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *