Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Трамп: ГIажарийчоь лаьтта, "гарехь", CаIудийн Iаьрбийчоьнна динчу тохарна тIехьа

ДIадаханчу кIиранан буса СаIудийн Iаьрбийчоьнан мехкдаьттан хьасташна динчу тIелатаршна тIехьа, "гарехь", ТехIеран лаьтта, аьлла оршоьтадийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда.


Делахь а, ша ца воллу Штаташца гергарло лелочу махканна динчу зуламна сихонца тIеман ницкъаш дуьхьалбаха, оцу Цхьаьнатоьхначу Штатийн экономикана, энергетикан сурташ юхку пачхьалкх иза хиларе терра, дан зен дацахь а, дIахьедина Трампа.


ТIелатар –  иза "прецедент йоцу агресси а, нехан болх бохор а ду", аьлла СаIудийн Iаьрбийчоьно, амма тIелеттарг ю аьлла, ГIажарийчоьнан цIе ца яьккхина. Хилларг талла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин эксперташ кхайкхина шайн махка Эр-Риядо. Чохь пилот воцчу дронашца Saudi Aramco компанин мехкдаьттадоккхийлашна тIелатарш шаьш ду, аьлла  ГIажарийчоьнца зIенашкахь болчу Йеменерчу хуситийн гIаттамхоша.


ТехIерано ша яц боху динчу тIелатаршна бехке.  


ТIедогIучу кIиранах Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблеян Нью-Йоркерчу цхьаьнакхетаршкахь вовшашна ган тарло аьлла дара ГIажарийчоьнан а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а президенташ. Амма СаIудийн Iаьрбийчоьнна дина тIелатар а долуш, цунна бехке ТIехIеран а еш дирзинчу хьолехь и тайпа цхьаьнакхетар хуьлийла дац, дIахьедина гIажарийн президентан пресс-гIоьнчалло.


Динчу тIелатаро СаIуда Iаьрбийчоьно доккхучу мехкдаьттан ах барам лахбина – дуьнено хIора дийнахь духкучу мехкдаьттан 5%. Iамеркахь 13-14% лакхабевлла мехкдаьттан мах оршоьтадийнахь (хилла дац иштаниг 1990-чу шарахь дуьйна схьа).


Эшна меттиг ягIахь, шайн пачхьалкхан мехкдаьттан резерваш яста магийна Трамп Доналда.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *