2019-гIа шо доладелчхьана 70 пачхьалкхера туристаш хилла Нохчийчохь -- Кадыров
Кадыровс чIагIдарехь, цо юьйцучу хенахь верриг а республикехь хилла 100 000 сов турист. Статистико гайтарехь, Нохчийчу баьхкинчу кхечу мехкашкарчу нехан терахь алсамдаьлла 60%, боху Кадыровс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, республике богIучу нехан тидам тIеозораш ю "Къоьзан-Iам" спортан-туризаман комплекс а, Органан чIож а, Бена а, ГаланчIожан кIошт а.