ТIех ширачу заманахь чохь адамаш даьхна Баксанера Сарадж-Чуко хьех толлуш бу Iилманчаш
Иза регионехь уггаре дукха битамаш гойтуш йолу а, шайна алссам информаци луш йолу а неандерталхойн хIусам ю, боху Iилманчаша.
Сарадж-Чуко хьех карийра 2016-чу шарахь. Лурчах Оьрсийчуьрчу археологаша, геологаша, геофизикаша, кхиболчу говзанчаша болийра оцу меттиган зама билгалйоккху белхаш.
Оьрсийчоьнан президентан Iилман фондан гIоьнца дIахьош бу Сарадж-Чукора талламаш.