8 эскархо вийна Забайкальерчу эскаран декъехь
И зулам дарна шеко йолуш лаьцна ву салти. Болчу хаамца, цо герз диттина шеца цхьана эскарехь гIуллакх дечу шен нкъосташна, хаам бо Интерфаксо. Иза хилла караул хуьйцуш, билгалдоккху "Чита.ру" зорбан гIирсо.
Baza зорбан гIирсо яздарехь, байинчарна юкъахь ву 2 эпсар а, 2 контрактник а. Бисинарш муьлуш бу къастош ду.