Ал-БагIдади верах лаьцна хаам бина Iамеркан тIеман буьйранчаша
Newsweek зорбан гIирсо, Iамеркан эскаран векална тIе а тевжаш, хаам бина ал-БагIдади рейд дIахьош вийна хиларх лаьцна.
Пентагонерчу кхечу хьастано бинчу хаамца "Исламан пачхьалкх" тобанан куьйгалхочун дуьхьал операци хилла Шемарчу Идлиб провинцехь.Цо дийцарехь, ал-Багдадис ша шена тIе куьг даьхьна, шахIидан олу доьхка а эккхийтина. Болчу хаамца, цул тIаьхьа Iамеркан президенто Трамп Дональда яздина Twitter-хь "ХIинца вуно мехала цхьа хума хилла" аьлла.