The Washington Post: Iамеркан Иракъера эскархой юхабирзина Шема
Юьш цига дехьабохуш бу Пентагоно "Исламан пачхьалкхан" тIеман тобанех цигара мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяран хьалхо дIакхайкхийначу планаца а догIуш.
Газето къамел динчу Цхьанатоьхначу Штатийн бюйранчаллан векало дийцарехь, Шеман малхбалерчу территори тIехь дIатарвийр ву маситта бIаь Iамеркан эскархо, амма батальонал а кIезиг.
The Washington Post газето билгалдоккху Iамеркан эскаран батальонехь 800-1000 эскархо хилар.
Iамеркан президенто Трамп Доналда хIара кIира долалуш дIахьедар дира, ша дагахь хиларх лаьцна Шемара дерриг а эскарш арадаха. Амма президенто ши тIетохар дира шен дIахьедарна. Царах цхьаъ ду мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяр, ткъа важа - Шеман кхечу регионехь эскарш дитахьара аьлла Израило а, Урдано а дина дехар.
И шиъ дIадаьккхича цхьа а бахьана цо го шайна Шемахь Iамеркан эскархой латто, элира Трампа.