ЦIийнан пхоьалгIачу гIатт тIера чудоьжна бер дийна дисина Соьлж-ГIалахь
Балкон тIе даьлла бер, ша тергалдеш стагга а воцуш, чудоьжна. Иза тахана толучу хьоле даьлла, хаамбина лоьраша.
Хьостано бахарехь, полицина бахьана ца карийна,хилларг прокуроре а, талламчашка а даккхина, бехктакхаман дов айдайта.
Делахь а, нана жоьпе озийна «бер лелон а, кхион а тIехь долчу дас-нанас шайн декхар кхочуш цадар» олучу административан кодексерчу бехканна.