ТIеман заманахь Нохчийчуьрчу музейра лачкъийна сурт юхадеана махка
"Тхуна иза Третьяковскийн галереяра юхаделла. Иза боккха кхаъ бу, тхо диллина лела махкахь хилла исбаьхьаллин фондаш меттахIиттош. Даккхийде муьлхха а махкара дIаяьхьина хазна цIакхаьчча», - элира музейн директора Асталов Вахас, яздо «Нохчийчоь тахана» агенталло.
«Iаьрбийн гIамаршкарчу нехан чалма хьарчийначу Татевосян Е.М.-н сурт» гайтаме хIоттийна карийна «Третьяковкехь» коллекционерна Подстаницкий Сергейна – цо йовзийтина сурт кхаьчна меттиг. «Ж-95» инвентаран цIе а йолуш, Нохчийчуьрчу музейра лачкъийра иза 1994-1996-чу тIеман шерашкахь.
ТIамо йохийначу Соьлж-ГIаларчу музейшкара вуно дукха дайра суьрташ а, кхийолу къоман хазанаш а, схьакаронза ю тахана а.