Iедалхошна генара дIа болх бан бакъо лур ю Нохчийчохь
"И низаман проект тIеэцаро аьтто бийр бу кхин а алсам хьелаш кхолла Iедалан балха эца лаккхара говзалла йолу махкал арахьа а, республикерчу генарчу ярташкахь беха говзанчаш, - даладо цуьнан дешнаш министраллан зорбан сервисо.
Дийцарехь, генара дIа болх бан аьтто болу даржаш билгалдохур ду низамийн акташца. Нагахь Нохчийчоьнан министро хьехочух, аьтто хир бу белхало лаца кху дуьнентIехь муьлхха а меттехь.