ГаланчIожан кIошт денъярх лаьцна дийцина цига вахана-веанчу Даудовс
"Иштта ГаланчIожан кIоштахь кхуллуш ю туризман инфраструктура. ЮхаметтахIоттош ю историн тӀаьхьало – тIеман бIаьвнаш а, маьлхан кешнаш а. ЮхаметтахIоттош бу 97 километар йохалла йолу Буммат - Ялхорой - Рошни-Чу некъ", - билгадаьккхина Даудовс.
Шелонаш тIеяр бахьана долуш жимма хийцамаш бан безза шайн, юьхьанцара дагалаьцначунна тIехь, амма болх сецна бац, боху ГаланчIожан кIошт денъярна жоьпаллехь волчу Даудовс.