Рязанан кIоштахь цIенна гергахь охьадоьжна цхьа тонн йозалла йолу тIехь пилот воцу кема
Рязанан кIоштан куьйгалхочо хаам бина журналисташка, дрон охьайоьжна хиларх лаьцна адамаш дехачу цIенна 70 метр уллехь. Вийна а, лазийна а стаг вац.
"Орион" олучу тIемаяьлла лелачу аппаратан йозалла ю цхьа тонн, кхин а шеца хIаваэ эца таро ю цуьнан 200 кила кира. "Орион" тIехь пилот воцучу кеман ницкъ бу 7500 метр лакхадала а, 24 сохьтехь тIемадаьлла лела а, хаам бо ТАСС агенталло.