Зуламаш дар алсам ду Нохчийчохь
Зуламаш кIезиг дуьйлу Севастополехь а, Ненецкан автономин гонашкахь а, Дагестанехь а, Омскан а, Калуган а кIошташкахь а, яздо "Новости" агенталло.
Хьалхо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь коьртачу оьрсийн зуламхойх паспорт хIоттийнера. Полицин статистикаца а догIуш, дукхахдолу зуламаш деш берш балхахь боцу мукъа нах хиллера.
Шо карадеачхьана кеп-кепарчу низам дохош динчу зуламашна лаьцна 680 стаг. Царех 433 тIедогIуш рицкъ долуш ца хиллера. Цхьа дакъа къаьркъа а мелла харцахьа лелаш хиллера. Царех цхьаберш полисхошна дуьххьара карабьхкина ца хиллера.