Басаевн тIемалочун гIуллакх луьстур ду Лакхарчу кхелехь
"Басаев Шемалан а, Хаттабан а куьйгакIел зуламаш лелийна бехкевечо, пачхьалкхан дIахIоттам бохо Iалашонца. Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар дина цо, 33 салтий а вуьйш, 34-нна чевнаш а еш", - аьлла, хаамбина "Кавках.Реалиига" прокуратурехь.
Дагестанерчу Лакхарчу кхело кхин дIа хоттур долуш ду дов.