Албанехь мокхбегийна. Велла 5 стаг, лазийна 300, йохийна хIусамаш
6, 4 магнитуда (ницкъаллин гайтам) йолуш Тирана гIалина 30 чакхарма генахь, 10 чакхарма кIоргенехь нисъелла мохкбегоран эпицентр. ГIишлош йохийна Дуррес олучу портан гIалахь а.
ТIаьххьарчу кхаа баттахь хиллачех шолгIа мохкбегор ду хIара. 500 цIа дохийра Гезгмашин-беттан 21-чохь бегийча, велла а, лазийна а стаг вацара.