Кадыровн полкан полисхоша "холмачхо" лаьцна
Гацаевс дийцина, муьлхачу сингаттамашца нах шена тIеоьхура. Цо бахарехь, дукха хьолахь, шайн бIаьрг тIехIоьттинчу жимчу стагна шаьш дезадалийта олий, дехар деш хиллера цуьнга зудабераша.
"Ишта гIо доьхура соьга, жинаш хьийзадо шаьш бохучу наха а. Ас кечдой хи лора царна. Нагахь санна, цхьана сингаттамехь ду шаьш аьлла, далхийча а, хи мийлар хьоьхура ас. Мах ца хуьлу шайн бохуш, латкъамаш бийраш а нислора", - аьлла, дийцина холмачхочо.
Шегара даьллачунна къера ву ша аьллачу лаьцначо, камерана хьалха шена гечдар а дехна, кхул тIаьхьа шена тIе ма дуьйла аьлла, кхайкхамбина нахе.