Нохчийн невцана реза йоцу нана ю шен йоI дIаяккха йогIуш
Дахначу кIиранах Нижегородскерчу Большое Рыбушкино олучу эвлара 20 шо долу Абдулкадирова Камиля тIепаза яйнера. Ткъа кху деношкахь Инстаграмехь гучуяьллачу цо дIахьединера, ша маре а яхна, шен цIийндеца Нохчийчохь ю ша аьлла. Цо динчу марена реза ца хиллачу дас, нанас полицига хаамбинера, тIаьхьо мехкан куьйгалхочуьнга орца а дийхира.
Портале Камиляс бинчу хаамца: "Могуш-маьрша а ю со, сайн да-нана долчу цIа яха дагахь эцна билеташ а ду сан. Кхана нана ю суна тIаьхьа йогIуш. Соьца массо а дика вара, суна ницкъ ца бина. Массарна а дукха а езаш, шайн йиша санна лелийра со. Коч а тегнера суна".
Волонтерийн информацица, йоI лоьхуш хилар официалехь сацийна, полисхошка дина дIахьедар дас, нанас юхаэцначух тера ду.