Устрада-ГIалахь хийцина полисхойн хьаькам
Хизриев керла хьаькам хIоттийна хилар хоуьйтуш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхин министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана баркалла элира цу даржехь хиллачу Цакаевна, цо "хьанал а, даггара а гIуллакх дарна", хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Кхушара Товбеца баттахь Устрада-ГIалан полицин хьаькам хIоттина хиллачу Цакаевс шен Instagram-агIонехь Стечкин-тапчин сурт хIоттийнера, «40 минотехь кхетош-кхиоран къамел дацдо цкъа тапчан лаг озоро, ткъа тапча цкъа когах тоьхча, даиманна а хийцало стеган кхетам», аьлла.
Ткъа хIинца и стаг, министро Алхановс бинчу хаамца, дехьавоккхуш ву кхечу кхин а жоьпаллин дарже.