Ши дуьне: телехьожийлехь - цхьаъ, бакъдерг - кхин
Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсех мел теша бехархой?
Деношкахь Нохчийчоьнан пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директора Дудаев Ахьмада бовзийтина Кадыров Рамзанна, цо дина омра кхочушдеш, мехкан пресса хийцамашка ялорах лаьцна.
Ткъа теший бахархой и болх пайде хиларх, меттигерчу хаамаша гойтург, дуьйцург, яздийриг нийса а бакъ а ду бохучух?
«Зуламна» дуьхьаллаттар Кадыровн кхетамехь
Кхушеран бIаьста медиа-хьостанийн болх тобар тIедиллира Кадыровс ша цунна къастийначу Дудаев Ахьмадна. Iалашо яра «Нохчийчоьнна дуьхьал ца соццуш ден идеологин тIелетарш» юхатоха.
Ткъа ма-дарра аьлча, Кадыров лерина вара шегахь мел йолу пресса, телегойтийлаш ша аьлларг, лелийнарг, динарг емалдеш хьийзачу блогерна Абдурахманов Тумсона дуьхьалбаккха. Иза ир-кара хIоттийра махкахь дестийна кхобу Кадыров Ахьмадан васта оппозиционеро IиндагIа буха кхехьа долийча.
Дудаевс бутт сов хьалха хаийтира Кадыровна, ша цуьнан буьйр кхочушдинийла – «Нохчийчоь тахана» («Чечня сегодня») агенталлин когакIел дерзийна кхо газета: "Молодёжная смена" («Кегийрхойн чкъор»), "Столица Плюс","Ан-Нур". Тумсох беркат даьлла оцу хийцамашкахь Ахмадов Чингизна – иза хIоттийна журналистийн керлачу корпорацех жоп луш волу хьаькам.
Дудаевца дехха динчу къамелехь мехкан куьйгалхочо бохура, массо а агIор, массо а кепара ницкъаш бу нохчашкара церан шатайпаналла дIаяккха арабевлла. И зулам эвсардоккхуш, буьйцучу ницкъаша пайдаоьцу геннарчу мехкашка дIабахначу нохчех, элира Кадыровс.
Нохчийчоьнна лоьш хуьлу пресса шина декъе йийкъира цо. «Цхьаболучара деккъа дIа шайна реклама еш яздо «Нохчийчоь, Кадыров, Соьлж-ГIала». …Ткъа вукхара информацеш чукхуьйсу, кхузахь хила йиш йоцург а хилла даьлларг ду, бохуш, нах хан мел ели а тешаша хилийта», - бохура Кадыровс.
«Шу бакъдерг дуьйцуш дуьхьалхIитта деза оцу зуламна», - аьлла, кхидIа бан безачу балханна некъ гайтира цо Дудаевна.
"Цхьаъ дешшехь, юьхьIаьржа хIоттаво ерриг а пачхьалкханна хьалха»
Мел теша Нохчийчуьра бахархой мехкан прессех, теллира «Кавказ.Реалиино».
29 шо долчу Соьлж-ГIалин вахархочунна Адамна хетарехь, тоьшийла дац цхьана а газетах, телевизионах – «мехкан рейтинг даима а лаккхара ю», цаьрга ладоьгIча. «Ас ца доьшу и газеташ. Наха дуьйцург ишта а ду хезаш. Политика а, телевизор а йитина ас. Ца теша со царех цхьаннах а. Адамашна пайда хилахьара аьлла арадолуш дац цхьа а газета. Оьшург интернетехь карадо», - элира цо.
«Телевизорехула гойтурггий, хьуна хьайн бIаьргашца гушдерггий тайп-тайпана ду. ЧГТРК-но, масала, махкахь юккъера алапа хIоккхул ду, боху, суна гушдерг кхин ду. Ца дуьйцу цара Iедалан белхалошкара ясакх лахьош ю, олий [Кадыров Ахьмадан фонде], амма лахьош-м ю иза», - бохура 24 шо долчу мехкан коьртачу шахьаран вахархочо Мансура.
Чурт-ТогIера Мадина а ца теша меттигерчу хаамийн гIирсаша яздечух, гойтучух, амма иза яц кхеташ, стенна эшна телегойтийле, прессе полицин декхарш дIадала. «Вайн прессо дерриг а гойту. Хьоьгара цхьаъ доллушехь, юьхьIаьржа хIоттаво ерриг а пачхьалкханна хьалха», - реза яц иза.
19 шо долу Гуьмсера Фатима а ца хьожу я «Грозный» телеканале а, я кхечу каналашка а. «Хьаьжча а, цхьа аьшпаш хуьлу буьттуш, дийнахь а, буса а цхьа Рамзан вуьйцу. Ца хаьа, цара дуьйцучух муха теша еза», - аьлла, хадийра къамел Фатимас.
Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсех теша мегар ду, юьйцург политика яцахь, элира махкарчу дешаран центрехь болх бинчу Залинас.
"Iедалера юьйлу харцонаш цкъа а ца хьахайо. Ца теша со церан политиках. Делахь а, политика йоцуш кечйинчу программех-м теша мелла а», - элира йоIа «Кавказ.Реалиига».
Хьавас – иза а ю Соьлж-ГIалара – «пропагандин гIирс» бу элира Нохчийчуьра газеташ а, кхиболу хаамийн гIирсаш а. «Со ца хьожу цаьрга, ца теша. Интренетехь карадо суна дахарх дерг ма-дарра», - аьлла бовзийтира цо шен хьажам.