Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москварчу метро чохь лелхийтарш дайтинчех вара Берлинехь вийна Хангошвили, аьлла Путина

Парижехь, «Нормандин форматехь» гулъелла саммит йоьрзуш Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира комментари йина Берлинехь нохчо Хангошвили Зеламха верах лаьцна.


«Суна хаьа Берлинехь стаг вийнийла. Иза могIара гуьржи вац – цо жигара дакъалаьцна Кавказехь сепаратистийн агIор тIемаш беш. Иза къомах гуьржи а вац. И стаг оха лохуш вара, тIемало вара иза. Цу тIе, вуно къиза а, дукха цIий Iанийна а вара. Ша дакъалаьцначу еккъа цхьана акцехь цо вийнера 98 стаг. Москварчу метро чохь лелхийтарш дойтуш, хьалхаваьлла леллера иза», - аьлла Путина. Цо бахарехь, цунна «ца хаьа, цунах хилларг», бандитийн гIеранехь «хIуъа а хила тарло».


Стаг верна аьттехьа а бехкебоцу Оьрсийчоьнан дипломаташ Германера арабахар нийса дац, аьлла хета Путинна.


Оьрсийчоьнан президента билгал ца даьккхира мацалера, хIун зулам ду Хангошвили Зеламхина бехкедийриг. 


Деношкахь Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, ша Оьрсийчоьнан ши векал «персона нон-грата» кхайкхийна, Мосвкано Берлинехь стаг вер толлуш гIо цадарна», аьлла. Германин Инарла прокурора бахарехь, Хангошвили верна бехке хила тарло Оьрсийчоьнан я Нохчийчоьнан Iедалхой. Оьрсийчоьно бухбоцуш лору Берлино яьккхина гIулч.


Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь вийра Хангошвили Зеламха. Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, лаца кхийкхийра иза 2002-чу шарахь. Амма ша вехачу Гуьржийчохь цигарчу Iедало зийра иза, мукъавитира талораш дарна бехкеван бух а ца карийна.


Хангошвили вийнначу сахьтехь лецира куьг-бехке хила тарлуш волу стаг, амма цо тIе ца эцна шена бехк. Официалехь Германино яржонза ю цунах йолу информаци.


Шайггара зулам зуьйчу The Insider, Bellingcat и Der Spiegel хьостанаша баржочу хаамашца, Оьрсийчоьнан къайлахчу хьукматийн лаамца вийначух тера ду Хангошвили.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *