Миллиард сом нахе охьадиллийтина Нохчийчуьрчу пурстоьпаша
Оцул мелла а кIезиг дара стохка пурстоьпаша нахе охьадиллийтина ахча.
Хьостанаша дийцарехь, наха сихо дIало шайна тIехь тоьках, йовхонах, хих гулделла ахчанаш, уьш дIадеха пурстоьпаш кест-кеста декхархойн хIусамашка эхар бахьана долуш.
Делахь а, ахча пурстоьпаша мел дIадехарх а дIа а ца делла, административан жоьпалле озийна 300 декхархо. Оьрсийчуьра аравала дихкина ву, Iедалан ахча шайна тIехьарчорна, I0 эзар сов Нохчийчуьра вахархо.