Соьлжа-гIалахь вайна шен кIант карор ву аьлла, тешна ву да
Цхьанхьа "сакъоьруш" хир ву шен кIант, кеста гучувер ву аьлла, шеконаш ю боху дас шен. "Иза кеста карор ву. Со шога да ву, цундела сох кхоьруш, цIа ван ийзалуш Iаш хила а тарло", - аьлла Амаев Мовладис.
Маршо Радионо хааме даьккхира, карарчу беттан 13-чу буса 25 шо долу Нохчийчуьра Амаев Майрбек вайна аьлла, хаамбина социалан машанашкахь цуьнан гергарчу наха аьлла.
Йолчу информацица, видеокамерас гайтарехь, яхначу пIераскан буса "Яндекс-Таксин" Ford Fjces-2 автомобил чу хиъна, дIавахна Амаев "Японский дворик" ресторана хьалхара. Цул тIаьхьа зIене ваьлла вац иза.
Майрбекан гергарчара "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь шаьш хаамбина аьллера полицига. Ишта цара бахарехь, шайн доьзалхочух хилларг хууш дац царна тахана а.