Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ганнушкина Светлана: кхерам беха таханлерчу Оьрсийчоьнан бахархошца

ТIаьххьарчу ткъа шера чохь Оьрсийчохь йохийна дIаяьхна пачхьалкхан институташ, Iедалх йозаелла кхел, кхерам беха бахархошца, билгалдаьккхина адамийн бакъонаш тергалъечу «Гражданское содействие» комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас ша Путин Владимир президентан дарже хиина 20 шо кхачарца доьзна DPA агенталлина еллачу интервьюхь.


Юкъараллин цхьаьнакхетараллаш кхидIа а йохош лаьтта Оьрсийчохь, аьлла Ганнушкинас.


Лахьан-баттахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца дIакъевлира Пономарев Леван «Адамийн бакъонашкахьа» юкъаралла. ГIадужу-баттахь хийцира президентан гонера адамийн бакъонийн ерриг а кхеташо, керлачу тобан коьрте Хьалхарчу телеканалан (Первый канал) комментатор, 2012-чу шарахь Путин президентан дарже юхахоржуш цуьнан теш-гIоьнча хилла волу Фадеев Валерий.


«Шаьш тIехиина Iен га хадош бохку» Путинан системина гIортор латтораш, аьлла хета Ганнушкинина. «Iедал шайн карара даларх кхоьру уьш, цундела ю церан политика хан-хене мел йолу эрчайолуш», - боху бакъоларъярхочо ша DPA агенталлица динчу къамелехь.


Амма тахана кхиа буьйлабелла шайн бакъонаш къовса гIертачийн могIарш, алсамбовлуш бу протесташка буьйлу нах, аьлла а хета Ганнушкинина. Цо хьалхо бохура пресссехь: Москвахь харжамаш хуьлучу муьрехь, яхначу аьхка, дукха адам дара кхаьжнаш нийса тасаре догдохучу оппозицигахьа – оцо гойту Оьрсийчоьнан юкъаралла стагнацин хьолера а яьлла, «хинболчу хийцамашка» сатуьйсуш юйла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *