Шира бIаьвнаш йохийна ши стаг лаьцна ГIалгIайчохь
"ГIалгIайчоьнан ЖIайрахан-Iаьссин историн-архитектуран а, Iаламан а музейра петроглифаш а, гIалгIайн къоман васташ а тIехь долу нартолаш дIа а хьош, Нохчийчоьнна юхкуш лелла уьш. Цкъачунна суна ца лаьа церан цIерш яха, шиъ ву льацнарг», - боху Даскиевс.
Цо дийцарехь, гIалгIайн тайпанийн бахам бу хIаллакбинарг.
Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздира Бейни юьртара бIаьвнаш хIаллакъеш хиларх лаьцна.