Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

БагIдадехь ракеташ йиттина Iедалан а, дипломатийн а гIишлош лаьттачу куьпа

«Баьццара зона» олучу дипломатийн а, пачхьалкхан гIишлош а лаьттачу куьпа ракеташ йиттина БагIдадехь. Кхерамзалла чIагIъян полицин а, эскаран а дакъош хьовсийна цига. Цхьа ракета йоьжна Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалтна герга. Амма лазийна вац стагга а, полицино бечу хаамца.


Минаш йиттина шахьарарчу Джадрия кIоштахь а, чевнаш йина лаххара а 5 стагна.


Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто бинчу хаамца, цуьнан куьйгалхочо Помпео Майка Иракъера хьал дийцаредина Туркойчоьнан дипломатин куьйгалхочуьнца Чавушоглу Мевлютца. Помпео тешна ву ГIажарийчоьнан режимна дуьхьаллатта оьшуш хиларх – ТехIеран талхо гIерта йоллучу а Малхбалера хьал, аьлла хета цунна, боху «Iамеркан Аз» радионо.


Помпеос билгалдаьккхина, президентан Трампан администраци кийча ю шайн пачхьалкхан а, цуьнан уьйрийн а хьашташ Iалашдан, аьлла.


CNN-но БагIдадера бечу хаамца, иракъхойн демонтрацешкахь бу кху деношкахь – гIажаройн инарла Сулеймани Къасем ракеташ тоьхна Iамерко верна реза боцурш а, ГIажаройчоьнан политиках кхаьрдарш а бевлла гуламашка.


Кху кIиран юккъехь, президента Трампа къобал а деш, дронашца ракеташ йиттина вийра БагIдадерчу аэропортехь ТехIерано веза лору инарла. Хьалхо Iамеркан базина ракеташ тоьхна, цигара эскархо верна бина бехкам бара иза – Сулеймани ву базина тIелатар дайтинарг, чIагIдо Вашингтоно. Иштта, бехкево Трампан гоно Сулеймани Iамеркан эскаршна дуьхьал дахначу шарашкахь тIелетарш кечдарна а, цуьнан гIоьнца масийтта бIе салти кхалхарна а.


Амма цхьана дагахь бац  Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхой берраш а. Векалийн Палатин спикера Пелоси Нэнсина хетарехь, Iамеркахой кхерама кIел буьгу провокаци ю Сулеймани вер.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *