Ведучи а, Къоьзан-IамтIе а маьхза автобусаш лелар ю
![Ведучи а, Къоьзан-IамтIе а маьхза автобусаш лелар ю](https://gdb.rferl.org/D437141E-796B-4431-B9D1-F9731A0E5F38_cx0_cy2_cw0_w800_h450.jpg)
Ведучи а, Къоьзан-IамтIе а микроавтобусаш лелар ю Соьлжа-гIалара а, Гуьмсера аьлла, хаамбина Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовса Байсултанов Одеса.
"Сан тIедилларца, #ПосетиКавказ фондо шаттлаш йолийна Ведучин а, Къоьзан-Iоман а курорташка Соьлжа-гIалара а, Гуьмсера а. Mercedes-Benz Sprinter олу комфорте жима автобусаш хир ю туристаш дIасалелош", - аьлла, дийцина Байсултановс.
Болчу хаамашца, хIора Iуьйранна 10 сахьт даьлча новкъаевр ю уьш, суьйранна 4 сахьт даьлча юхайогIур ю.
Соьлжа-гIаларчу Путинан проспектерчу универмагна (ЦУМ) хьалха хIиттина хир ю автобусаш. Ткъа Гуьмсерчу автовокзалехь тIехаа йиш хир ю лаьмнашка баха луучийн.