Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровн шедаг vs. Бердымухамедовн гитара

Кадыровн шедаг vs. Бердымухамедовн гитара

Романова Софья

Нохчийчоьнан, Туркменистанан куьйгалхойн дуккха ду юкъара хIуманаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кест-кеста олу, махкахь коьрта ду «Оьрсийчоьнан низамаш а, демократи а». Амма цигара Iедал тIех тера го политологаша «диктатор» шех олучу президента Бердымухамедов Гурбангулыс Турменистанехь дIахIоттийначу режимах.

Кадыров а санна, 2007-чу шарахь веана Бердымухамедов Iедале, 13 шо ду и шиъ, хийца ца луш, шайн мехкийн коьртехь Iен.

Шен тIаьххьарчу харжамашкахь, 2017-чу шарахь, Туркменистанан куьйгалхочо лахьийра 97,7% кхаьжнаш. Амма и харжамаш гергакхочучу муьрехь цо хийцира конституци, президентан даржехь Iан луш йолу хан 5 шарера дIаяхйира 7 шаре.

Ткъа Нохчийчуьрчу бахархошна, харжамийн жамIаш дуьстича, кхин а дукха везаш нисло Кадыров: официало бахарехь, 2016-чу шарахь 97,9% тесна цунна кхаьжнаш.

Гурбангулын «безамаш» а, Рамзанан «хьокъаллаш» а

Iедалехь Iачу юкъанна дуккха а орденаш, мидалш елла шина куьйгалхочунна. «Безамца» доьзна массех совгIат ду Бердымухамедовн: «Йозуш йоцчу Туркменистане бовха безам хиларна», «Даймохк безаш хиларна», иштта дIа кхин а.

Кадыров Рамзанан а ду шатайпа совгIаташ: «Къонахаллин а, лараман а Орден», «ГIирма Iалашъярна» а, «юхаерзорна а» олу ши мидал (2014-чу шарахь Оьрсийчоьно Украинера и ахгIайре дIайоккхуш дакъалацарна). Къаьсттина самукъане ю цунна Оьрсийчоьно деллачу совгIатех шина мидалан цIерш: «Низамалла а, бакъонца йогIу къепе а латторца лараварна», «Хьакъ доллуш адамийн бакъонаш Iалашъярна».

Шаьш-шайна дукха безарна

Туркменистанехь а, Нохчийчохь а «паччахь» олу мехкан куьйгалхочух. «Туркменбаши» («Туркменийн Корта») Ниязов Сапармурад велча президентан дарже хIоьттинчу Бердымухамедовс дIабехира Ниязовна хIиттийна дашо хIолламаш, церан метта хIиттабайтира шенаш.

Ша-шена цIе а кхоьллина цо: «Аркадаг» («Доладийриг»). Пачхьалкхан банко ахча арахецна «Аркадаган» сурт тIехь а долуш. Арахь массанхьа а кхозу суьрташ доцуш, Бердымухамедов ву урамашкахула дIасаоьхкинчу, даима а йогуш лаьттачу экранаш чохь.

И тIаьххьара технологи Нохчийчохь а ю яьржина. Кест-кеста КадыровгIеран - Воккхачун а, Жимачун а - слайд-шоу хуьлу цхьаццанхьа гойтуш, масала, Соьлж-ГIалахь зорбан цIийнан пенаш тIехь.

Челябинск-махкарчу Златоустерчу «Оружейнико» арахоьцур ду Кадыров Рамзан тIехь волу дешин а, детин а ахча, аьлла бара 2014-чу шарахь прессехь баьржина хаам. Карарчу хенахь и ахча долуш а ду, эца а ло, боху «Авито» портало. Цул сов, интернетехула эца йиш ю шагатIулгах йина Кадыровн бюст а.

Махкарчу хIора юьртахь, гIалахь ду Кадыровн ден урамаш, майданаш, клубаш.

Дуккхаза а «паччахь»

Цхьа а маьрша газета, кхиболу хаамийн гIирс банне а бац я Нохчийчохь а, я Туркменистанехь – бераш Iедалан карахь бу, цунна хастамбеш.

«Карара хан» телеканало дагардина, массаза гойту Туркменистанерчу телевизионо суьйренан хаамашкахь Бердымухамедовн сурт. 30 минотехь "Аркадаг" гайтина 52-зза, цуьнан цIарца я даржаца иза хьахийна 34-зза.

"Кавказ.Реалиино" а тергалдира и хьал Iедалан «Грозный» телегойтийлан балхаца.  45 минотах лаьттачу хаамийн программехь «Кадыров» цIе хьахийра 35-зза, 30-зза гергга элира «регионан куьйгалхо» а, «паччахь» а, массийтазза хьахийра Кадыров Рамзанан доьзалхой, шозза хазийра массарна а бевза ловц «Ахмат-сила».

Ала деза, шен дена Ахьмадна доцург, «сила» ала магош дац Кадыровс. Деношкахь и дехкар хьашарна, полице кхачийра БIаьчи-Юртара кегийнах – Керлачу Шеран буса «БIаьчи-Юрт – сила» баьхнера цара.

Инарлаш, академикаш

Туркменистанан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхошна хазахета нахана шаьш Iилманчаш ду моттуьйтуш. Бердымухамедов ву медицинан а, экономикан а Iилманийн доктор. 19 сийлахь-еза «академик», «профессор» цIе а ю цуьнан.

Кадыров оцу тIехь мелла а лахаро ву. 2016-чу шеран юьххьехь Оьрсийчоьнан Iаламан Iилманийн Академино (РАЕН) «сийлахь академик» цIе елла цунна, ткъа 2014-чу шарахь вина цунах Кишин Кунта-Хьаьжин Исламан университето шен «сийлахь профессор».

Ала дашна, туркменийн лидер эскаран инарла ву, Кадыров – инарла-майор.

 

Артисташ, забарчаш

Бердымухамедовна а, Кадыровна а чIогIа дукхадеза герз. Интернетехь ю "Аркадага" эскархошна мастер-класс гойту видео. Блогерша дийцарехь, герз тIекхетта а далале, охьаоьгу гIаькхнаш.

Кадыровс бутт хьалха гайтира керла яьржина травмат-тапча "Фантом Т", нийса кхийтира цуьнан иза, боху, 700 метр генара.

Турпалхочун васташ ловзош къаьсттина хазахета Рамзанна. Цо филмашкахь дерзинчу куьйгашца «лецна» вок (крокодил), нана-боккха лаьхьа, говза тIемалой тIаьхьа а баьхна идина лаьмнашкахула.

Шатайпа ду Кадыровн духар а – къаьсттина дукхаеза цунна комуфляж. И духар цо кест-кеста духуьйту шен берашка а, юкъ-кара – къеначу нене а.

Дуккхаза а дийцина цо Ичкерин тIемалой шех бIеннашкахь, наггахь - эзарнашкахь а! – кхералой, хьалхара уьдура бохуш. Ша вогIу гича, лачкъа меттиг ца карош, хьаьвзара уьш, дуьйцу цо. Амма оцу туьйранаша луш хуьлу тIаьхьало кхин ю – наха ца до дозалла, уьш боьлу Кадыровна тIехь, иза аьшнаш а веш, вуьйцу вовшашка (цунах кхоьллина самукъане дийцарш вовшах а туьйхира цкъа «Кавказ.Реалиино»).  

Амма вац шек ша Рамзан. Комикашца видеош яха волавелла иза хIинца – уьш цо гойту шен Instagram-ехь.

 Байташ, эшарш, …говраш

Кхин а цхьа безам бу шина лидеран – туркменийн а, нохчийн а – юкъара: говраш. Бердымухамедовс шен кIентан воIаца цхьаьна рэп яьккхина шена дукхаезачу Ровач говранна («Аьттоболург»).

Гурбангулы кест-кеста хуьлу говраш хохкучохь, даима а боху толамаш. Говрара охьавоьжна, вадийна, дарбан хIусаме вигича а белира цунна цкъа хьалхара меттиг.

 

Кадыровна а еза говраш чIогIа. Дуьненан массо а маьIIехь къовсалуш ю уьш. Коррупцина дуьхьаллаьттачу "Трансперенсино" дийцарехь, 100 миллион сом гергга даьккхина цуьнан 128 говро деа шера чохь. Амма дац и ахча гойтуш Кадыровс шен декларацехь.

Байташ аларца а дика ду Кадыровгара хьал. Пародиста Слепаков Семёна 2018-чу шарахь, бегаш беш, Кадыров Оьрсийчоьнан футболан тренер хIоттон веза, аьлла, йиш лекхча, оццу жанрехь цунна жоп делира Рамзана.

Нахана юккъехь хелха а волу, наггахь шедаг а локху Кадыровс (масала, 2012-чу шарахь Нохчийчохь охан-де даздечохь).

Нах байар, политикан тутмакхаш, дешан маршо хьешар

Туркменистанера а, Нохчийчуьра а цхьайолу истореш вуно чIогIа тера ю вовшех – бакъоларъярхошна зенаш дар, журналисташ, халкъалара жигархой хьийзор. И нах шинхьа а бу я леш, я «наркоманаш» хуьлуш.

Азатлык Радион а, «Туркменистанан алтернативан керланийн» а корреспондент Непескулиев Сапармамед харцонца лецира 2015-чу шарахь Туркменистанерчу Аваза гIалахь. Наркотикаш лелийна аьлла, 3 шо такхийтира цуьнга набахтехь. Цо ен репортажаш бахьанехь бекхамбина цунна, чIагIдора бакъоларъярхоша.

2016-чу шарахь "Кавказский Узел" газетан корреспондент Гериев Жалавди вадийра Нохчийчуьрчу ницкъхоша, бохура, цуьнгарчу тоьрмига чохь наркотик карийна. Шаьш бохург бакъдойтуш, цуьнга ницкъаша куьг яздайтира цара. 3 шарахь набахтехь Iийра Гериев. Политикан тукмакх лору иза «Мемориало».

2006-чу шарахь бакъоларъярхо, журналист Мурадова Огулсапар лецира Туркменистанехь, цо патармаш лелийна аьлла. Шех зуламхо еш долчу кехаташна буха куьг ца яздинера цо, йийра иза Овадан-теперчу набахтехь.

2009-чу шарахь Соьлж-ГIалахь ядийра, йийра бакъоларъярхо, журналист Эстемирова Наташа. Нах идорах, кхел а йоцуш хIаллакбарах йолу материалаш вовшахтухуш хьийзара иза ша болхбечу «Мемориал» центрехь. Итт шо даьллачул тIаьхьа а яц иза йийначийн лар карош, я иза лаха гIерташ а ца хьийза талламчаш, леткъа бакъоларъярхочун коллегаш.

Нохчийчохь Хьалха-Мартан кIоштарчу Рошни-Чохь 2016-чу шеран дуьххьарчу дийнахь вийна карийра Соьлж-ГIаларчу доьшийлин хьоьхархо хилла Ежиев Хизар. Цул ши кIира хьалха вадийнера иза. «Бердах вахана» аьлла яржийра верси, амма дукха нах, шайлахь блогер Абдурахманов Тумсо а волуш, тешна бу иза махкарчу Iедална лерна вийна хиларх.

Кадыров бехкевора нах бовш, хьийзош, бойуш хиларна журналиста Политковская Аннас. Иза йийра ша ехачу цIийнан лифта чохь.

2019-чу шеран бIаьста 4 шо хан туьйхира набахтехь такха бакъоларъярхочунна Титиев Аюбна, наркотикаш лелорна бехкевира иза. Дов тIекхоьллина ду, цо куьйгалла ден «Мемориал» центран векалт махкара араяккха гIерта Iедал, чIагIдора бакъоларъярхоша.

Тамаше ду оццул кхерамечу хьелашкахь «тоьлла бакъоларъярхо» шех аьллачу Кадыровна махкахь хуьлуш зен дацар.

"The Foreign Policy" журнало 23 диктатор ву боху дуьнентIехь ирча вуьйцуш. Царалахь 5-чу меттехь ву Бердымухамедов. «Доза доцу репортераш» юкъаралло прессин маршо йовзуьйтуш, 178-чу меттигах 176 меттиг кхачабо Туркменистанна. Лидершлахь ю и пачхьалкх политикан тутмакхаш дукха хиларца а.

Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилча, массалгIачу меттехь хир яра те оцу рейтингашкахь?

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

ФПК «Гарант-инвест» впервые построит коммерческий объект за счет облигаций

Еще 17 народных троп благоустроили в Орехово-Зуеве

Инфекционист Поздняков: крупных вспышек ботулизма не было уже 30 лет

В Москве достраивают дом по реновации в Котловке

Музыкальные новости

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

В рейтинге развития Тамбовская область за 2023 год опустилась на три места

Аксенов жестко выказался

В Пензе стартовали соревнования по по мотокроссу на Кубок главы города

Новости России

Городские службы работают в усиленном режиме из-за непогоды в Москве

Еще 17 народных троп благоустроили в Орехово-Зуеве

Салат с фасолью стал причиной ботулизма у жителей нескольких регионов России

В Москве достраивают дом по реновации в Котловке

Экология в России и мире

Жена туриста, убитого электрическим током во время купания в джакузи на курорте, подала в суд прямо с больничной койки

Российская компания «Ревилайн» в Йошкар-Оле выпустила новый стационарный ирригатор RL 150

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Smena SS-2024

Спорт в России и мире

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Россиянка Людмила Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосе

Людмила Самсонова не отдала голландскую траву // Она продолжила серию российских побед на теннисном турнире в Хертогенбосе

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Moscow.media

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

«ЯРКО» провела развлекательную программу на фестивале «Крутая песочница»

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

На одном из перекрестков Северного района Орла не разошлись мотоцикл и микроавтобус







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *