Нохчийчу къаьркъа дохьуш Ставрополера вахархо лаьцна полисхоша
![Нохчийчу къаьркъа дохьуш Ставрополера вахархо лаьцна полисхоша](https://gdb.rferl.org/E2B3F8D3-6A08-4B68-A729-B23197BF2FD3_w800_h450.jpg)
Нохчийчу къаьркъа дохьуш вогIучу юкъанна Ставрополан кIоштара вахархо лаьцна. Теркйистерчу Ломаз-Юьртахь полисхоша оперативан барамаш дIахьочу заманчохь лаьцна иза, бакъо йоцуш чудохьу малар схьа а доккхуш.
Лада Калина машенахь 40 шиша корта бахон малар хилла цо сехьадоккхуш цхьана а кепара документаш карахь а доцуш. ГIуллакх тергоне а эцна, талла долийна ницкъахоша.