World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Нохчочунна эхь хета деззал хIума дац сан блогехь"

Магомедов Закир

Инстаграмехь «Альфредо Аудиторе» ник лелочу нохчийн блогеро дуьйцу, ша Волгоградехь стенна кхийсира наханна ахча, дийр дара  ша иштаниг Соьлжа-ГIалахь, я ларлур вара оцу гIулчах.


Instagram-блогеран Носаев Мохьмадан агIоне «вогIу» 4 миллион гергга интернет-хьажархо. Деношкахь ерриг а Оьрсийчоьнан прессин тидаме йоьжна цуьнан цхьа видео: шега ларамболчу волгоградхошна цо 200 эзар сом дIасаластош, цара и ахча дIалахьош. Оцу меттехь хиллачара дуьйцу прессехь, мел дукха бара ахча дезарш, иза дIалахьош уьш мел саьхьара хьийзара. Блогеро динарг емалдо дукхахболучара, Нохчийчохь а бац цунах баккхийбеш.


Шен воIера вон хIума ца даьлла боху блогеран дас, Волгоград махкарчу Кадыров Рамзанан векалан гIовсо Носаев Тамерлана. Амма цо аьлларг а хета нахана дастаме - интернетхойн кхетамехь, ден ахча дIасалестош ву цо кура Iамийна кIант, и ахча доьзале пачхьалкхан бюджетера кхаьчна хила мега, яздо цхьаболучара. Тидаме ца оьцу хиламан мах хадочара Носаев Тамерлан цхьана а Iедалан балхахь вацар, цо Нохчийчоьнан векалтехь ша дийриг маьхза деш хилар.


Нехан тидаме блогер воьжна кхин а цхьана бахьаница – Носаев Мохьмада нахана «ахча кхоссар» Iедало талла деза, аьлла Волгоград-мехкан Думин депутато Осипов Александра. Амма хилларг зен арабевллачу полисхошна ца карийна блогерера даьлла вон.


Дийца даьккхинарг доцуш, нахана комаьршша ахча кхийдорца йоьзна истореш кхин а ю Носаев Мохьмадан. Масала, деношкахь иза къовсавелла кхечу цхьана блогер-зудчуьнца - тамаше хIуманаш дан дезаш хилла шиммо а. Мохьмада Iалашо лаьцна, ша юуург а ехна, иза шена йохьуш веъначунна цхьаммо а луш доцу ахча дала. Аьлларг чекх а даьккхина цо: кхача бухкург веъча, цунна делла 50 эзар сом, важа цецваьлла, дерриг а шена луш ду ахь, аьлла.   


«И тайпа сагIин акцеш ас кхин а йина, уьш кестта гур ю шуна, ларъе аш», - яздина кху муьрехь шен блогехь Носаевс.  


– Оццул йоккха гIовгIа иккхинчул тIаьхьа хьо дохко-м ца ваьлла айхьа ахча декъарна?


– Ца ваьлла. Бакъду, айса и доькъуш хаьржинчу кепана реза-м вац со. Нийса ца дира ас иза. Делахь а, цхьанненна а ца хилла зен – иза ду коьрта.


– Ткъа наха, ахча дIалахьош, вовшийн хьешар?


– Дара иза ишта-м, амма зен хилла вац цхьа а. Массех стаг кIеззиг лазийнера, ас уьш сайна тIебийхира, кхерамзаллехь хийлийта.


– Хьуна стенгара даьлла ахь нахана дIасалестош долу ахча?


– Оцу хаттарна жоп дала ца лаьара суна, магахь. Со дикка ахча доккхуш ву. Ткъа наха дуьйцучух эр ду ас: са да хьаькам ву, цуьнан ахча ду ас дойург,  боху – иза бакъ дац. Вац сан да хьаькам. Я ас декъна ахча а дац цо даьккхина.  


– Хьан дас бохура, акци дIаяхьа хьуна ахча делларг цхьа агентство ю. 


–  Аьлларг, тIекIал а доккхий, даржош Iедал ду [журналистийн]. Ас иштта эр дара: цхьаъ делахь, ас тоъал болх бо, ахча а доккху, иза муха доккху, ас дуьйцур дац – шу кхетар ду аьлла хета суна.  


– Да хIун лелош ву хьан?


Иза совдегар ву.


– Ткъа хьо? Доьшуш ву? Я цхьаьнхьа балхахь хир ву хьо, айхьа тоъал ахча доккху ма элирий ахь?


– Даккхало соьга ахча блог лелош. Алссам ма юй сан аудитори. Кхин болх бац сан, доьшуш а вац. Айса дийриг, тIе а вирзина до ас. Блог лелайо-кх. Оцо йо суна ахчанца кхачо.




 


– Стенна ийшира хьуна и хьайн акци? 


– Со винчу Волгоградехь вуно дукха бу сан блоге хьовсурш, уьш ган лиинера суна. Керла шо дара тIехIуттуш, цундела совгIат дира ас царна. Дукха хан яра суна ишта барам хIоттон дагадеана. Цундела… Бакъду, дерриг а ас дага ма-лаццара чекх ца даьлла. Кхиболчу инстаграм-блогерша а доькъу ахча кест-кеста, цундела соьга а доьхура сан блог хазахетачара. Иштта нисделира-кх. Со хIун блогер ву сайн дешархоша аьлларг далуш вацахь?!


– Делахь а, цхьа чаьмза нисделла-кх хьан иза, масала, оьрсаша, шаьш сийсаздина оцу хьан акцино, боху.


– Иза ас деккъа дIа сайн дешархошна дина дара. Цара доьхура соьга иза – ас кхочушбина церан лаам. Суна беза уьш, царна со а веза.


– Ахь шаьш сийсаздина аьлла хетарш къинтIера баьхний ахь?


– Ас шуьга аьлла ма-хиллара, ца ваьлла со динчунна дохко. Вариант кхечу кепехь хиллехьара дика-м дара… Делахь а, вацара со стагга а юьхьIаьржахIотто араваьлла, аьттехьа а вацара. Сан акцех дузу цхьаболучара сан къам, политика, кхидерг. Со чIогIа цецваьккхина оцо. Блогер а ву, цуьнан дешархой а бу. Блогерна лиина шен дешархошна диканиг дан, цо иза дина, кхидерг дерриг а эрна дуьйцу хIуманаш ду.


– Хьан даймахкахь, Нохчийчохь а бу ахь динарг цатайнарш.  


– Ас динарг – сайн дешархой безарна ду, ца хаьа суна кхин муха ала деза. Сайх нах нийса ца кхетта новкъа ду суна. Иза ду-кх сан ала.


– Хьан агIоне хьовсурш дуккха а бу Нохчийчохь. Соьлжа-ГIалахь доькъур дарий ахь ахча?


– Акци стенггахь ян мега – иза бен-башха а дац, хуьлда иза Соьлжа-ГIалахь я кхечу меттехь. Амма цхьа хIума ду акцин кепах ала. Хуьлда ахча дIасадоькъуш, масала, цхьа конкурс а кхайкхийна, я кхечу, тов йолчу  кепехь. ХIинца санна нис ца далийта.


– Оцу хьан акцин хьокъехь «дош лелачу» нохчаша а йиттира хьайга телефон, боху ахь блогехь. Мила вара хьоьга телефон тоьхнарг?


– Дош лелачу нохчаша йиттира, Нохчийчуьра хилла а ца Iа уьш. Дукха наха йиттира цхьацца олуш… Шу кхета-кх ас муьлш буьйцу. Ас йохур яц оцу нехан цIерш, дуьйцур дац цара баьхнарг. Бахьанаш ду сан и ца дийца.


– Волгоградерчу депутато аьлларг муха тIеоьцу ахь?


– Хадор бац ас мах. Иза цуьнан гIиллакх ду, цунна гург ду. Бакъду, со цецваьллера цо аьлларг дешча.




– Иза ган луур дарий хьуна, цунна хьайн дешархошца йолу юкъаметтиг йовзийта?


– Суна хетарехь, сох бахьана а дина, шен пиар еш хьаьвзина иза. Хайп шена еш.


– Нохчийчуьрчу Iедало махкал арахьа беха нохчийн а латтабо шен тергамехь, гIиллакх-гIуллакх, цара лелориг а зуьйш. Ахь хьуо хьайн аккаунтехь гойту цигарка узуш а, бусалба Iедалехь, аьр вай, къовлабелла боцчу мехкаршца хелхавуьлуш а. ХIинца хьо массеран а тидамехь ву, кхидIа а гойтур ю ахь и тайпа видеош?


– Ас сайн гайтамашкахь цкъа ца оьзна цигаьрка, бутафори ю гайтинарг а. Сан видеошкахь со цкъа а ца хуьлу хелхаволуш, зудабераш ду и хелхадуьйлурш, со лаьтташ хуьлу даим а. Сценарийна кепатоьхна васт ду сан иза – вац со оццул «ваставелла». Бакъду, сан видеогайтамашкахь маьттазниг цкъа а гур дац шуна, хезар дац нохчочунна эхь хета деззал хIума дац сан блогехь. Дац гIиллакхца ца догIуш хIумма а.


– КIезиг бу хьо хIинццалц мила ву хиинарш, хьан бакъ цIе евзинарш. «Альфредо» - иза ахь айхьа аьлла хьайх. Хьуо кавказхо вуйла цахаийта дина ахь иза?


– ХIан-хIа, иза сан блоган васт ду. Суна, сайна цхьа васт а кхоьллина, суо дIагойту кеп а карийна, лаьара блог лелон. Италхой тов суна, цундела ийцира ас тIе церан цIе. Кхин кIарго йолуш хIума а дац – сайн хазахетарна.


– Ахь хьуо нохчочун вастехь вовзийтина хиллехь, вазвийр варий-те хьо хьан дешархоша оццул?


– Ца хаьа. Со Италера Альфред ву аьлла тайна яц нахана сан блог. Ас шайна кхачочу контенто тIеозийна уьш суна. Хьан дика контент елахь, бен а дац хьо къомах мила ву, суна хетарехь. Ас-м ца лечкъийна суо муьлхачу къомах ву.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Подмосковье сотрудники Росгвардии задержали рецидивиста, которого месяц разыскивали правоохранители

Испанский футболист «Химок» Фернандес: «Россия — фантастическая страна с фантастическими людьми»

Актер Константин Хабенский госпитализирован в Москве: подробности

Российские войска ударили по центру специальной радиосвязи главного управления разведки ВСУ

Музыкальные новости

8 и 9 октября в Петербурге выступит Большой симфонический оркестр имени П.И. Чайковского

«Как ты мог?»: Бакальчук записала обращение к мужу после стрельбы у офиса

Несостоявшийся дуэт финалиста шоу “Голос” Сергея АРУТЮНОВА и его наставника Басты. И почему АРУТЮНОВ только сейчас раскрыл, что на самом деле он является исполнителем хита “На Заре 2020”?

Несостоявшийся дуэт финалиста шоу “Голос” Сергея АРУТЮНОВА и его наставника Басты. И почему АРУТЮНОВ только сейчас раскрыл, что на самом деле он является исполнителем хита “На Заре 2020”?

Новости России

В Москве пройдет фестиваль "Ночь инноваций"

Серийный отравитель из Балашихи признался в попытке убить ещё несколько человек

Эксперт назвал причину, из-за чего человечество находится в большой опасности

Российский рыбный промысел адаптировался под западные санкции

Экология в России и мире

Несостоявшийся дуэт финалиста шоу “Голос” Сергея АРУТЮНОВА и его наставника Басты. И почему АРУТЮНОВ только сейчас раскрыл, что на самом деле он является исполнителем хита “На Заре 2020”?

Лучшие каратисты со всей России собрались в Екатеринбурге

Церемония открытия II Всероссийских спортивных игр благоверного князя Александра Невского пройдёт в Нижнем Новгороде

Лучшие каратисты со всей России собрались в Екатеринбурге

Спорт в России и мире

«Это очень лёгкое чувство». Даниил Медведев — об ощущениях перед началом Кубка Лэйвера

Касаткина вышла в 1/4 финала турнира WTA в Сеуле

Россиянин Алибек Качмазов вышел в основную сетку турнира ATP-250 в Чэнду

Российская теннисистка Рахимова поднялась на 16 позиций в обновленном рейтинге WTA

Moscow.media

Массовая авария затруднила движения на бесплатном участке трассы М-4 Дон в Липецкой области

Электричка Миасс – Челябинск изменит расписание движения

С 20 сентября изменится схема движения по путепроводу на трассе М-7 Волга в Татарстане

Axenix открыла лабораторию искусственного интеллекта в Твери







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *