Iалхан-Юьртахь тIай схьадоьллуш
![Iалхан-Юьртахь тIай схьадоьллуш](https://gdb.rferl.org/51988D59-68BB-4033-B8A2-51B09DDF506A_w800_h450.jpg)
Мартан-хих долу тIай ду хIинца Iалхан-Юртахь – иза дацаро бахбора машенца юьрта боьду некъ. Массо а бахархоша лоруш йолу цIе тиллина цунна – «Магомадов Абубакаран тIай». Иза схьадоьллучу бараме веанера воккха а, жима а. Керла обеъкт дахаре яккха, «дашо тукарш» кховдийра гулбеллачара махкана а бевзачу нахе. 45 метр деха а, 6 метр шуьйра а ду керла тIай.