"Боинг" чудаийтарна геч дар дехаре кхойкху эскархой ГIажарийчоьнан президенто
ГIажрийн президенто дийцарехь, лайнер хIаллакдарна жоьпаллехь болчу наха кхето деза, билггал хIун бахьана хилла и бохам хиларан.
Цо кхайкхам бина гIажарошка къоман цхьаалла ларъяре, авиакатастрофа хиллачул тIаьхьа дуьхьалонан акцеш йоьлхуш хиларна.
Украинин некъахойн кема чудаийтира ГIажарийчохь, ши ракета а тоьхна, кху беттан 8-чу Iуьйранна. Кхелхина цу тIехь хилла 176 стаг.