Видео: Украинин кема чудаийтина ши ракета тоьхна
Иза бакъ хилар тIечIагIдина The New York Times газетан талламхоша. Цу видео тIехь гуш ду, юкъа ах минот а бен ца йолуш, кеманна тоха ши ракета хецар. Ши а тIекхетта.
Кема ца доьхна хIаваэхь, амма цIе а яьлла цунах, урхалла а доьхна цуьнан. Маситта минот яьлча иза охьадоьжна лаьтта. Кхелхина цу тIехь хилла 176 стаг.
Видео яьккхина Исламан революцин гIаролхойн базина уллехь йолчу эвлара цхьана гIишлонна тIехь хиллачу камеро.