Оьрсийчоьнан уггар тоьлла гIала хоржучу къовсамехь дакъалоцуш ю Соьлж-ГIала
Оьрсийчоьнан бахархоша интернетехула кхаж тасарца хоржур ю башха историн а, културан а тIаьхьало йолу, къоман символ хила хьакъ долу гIала. Царна юкъахь ю Нохчийчоьнан коьрта меттиг – Соьлж-ГIала.
Кхажтасаран жамI дийр ду кхушара ГIуран-беттан 30-хь.