Удугов: Тхоьгара немцойн полицино арсаш даьхна бохург бакъдоцург ду
Блогерна Абдурахманов Тумсона еллачу видеоинтервьюхь цо дIахьедар дина, таллам бича нохчашкара телефонаш а, компьютерийн дискаш а, роутер а йоцург кхин дIаяьккхина хIумма яц аьлла.
МухIажиран статус а йолуш, Германехь веха Удугов ур-аттала полице а виггина а ца хилла.
Полицино бинчу хаамца, нохчий дIалецаран бахьана хилла стохка Гезгмашин-беттан 20-хь, тIехь синагога а йолуш, яьккхина видео. Иза буха а йиллина, немцойн ницкъаллин структураш, бехктакхаман гIуллакх а кхоьллина, кхаа баттахь сов тIаьхьаевлла лелла Удуговна а, цуьнан накъосташна а. Полицино лаьцна хилла 4 стаг цунна вевзаш ву. Уьш берш цхьана маьждиге лелаш бу Берлинехь.
Карарчу хенахь Удуговн адвокаташ латкъам кечбеш бу нохчий бух боцуш лецарна.