Дозанал аравалар дихкина 16 эзар Нохчийчуьрчу вахархочунна
Арабовлар дихкинчарна юкъахь бу кредиташ шен хеннахь дIа ца делла а, ял яланза а, коммуналан декхарш тIехь долу а бахархой.
Шайн декхар дукха кIезиг хилар бахьана долуш Iедало дина дехкар тIех сов хета цхьаболчу бахархошна.
Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца делла, я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар.
Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.