Стохка 120 тIемало а, церан гIоьнчаш а лецна Къилбаседа Кавказехь – Росгварди
"Дуккха а гӀоьнчаш а, низамца йоцчу герзаца лелачу тобанийн декъашхой а, 120 сов стаг, лецна", - дIахьедина Къилбаседа Кавказан тIеман гонан къоман гвардин эскарийн буьйранчо инарла-лейтенанто Гетманов Игора.
Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь лаьтташ долу оперативан хьал дика ду, амма цхьацца меттигаш ю гIоьртина хьал долуш. Цунна Iаткъам беш ду "хьал галдаккха гIертачу ницкъаша лелориг а, къаьмнийн юкъаметтигашца доьзна маситта хаттар хилар а".