Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIажарийчоь къера ю, цо «латта-хIаваъ» ракета тоьхна чудаийтина Украинан «Боинг»

ГIажарийчоьнан бахаман авиацин куьйгалло шолгIа довзийтар арахецна Украинан «Боинг» дохорах лаьцна. Документо бахарехь, Оьрсийчоьно арахецначу "Toр-M1" комплексца «латта-хIаваъ» кепара ракета тоьхна дохийна кема. Оцу хьокъехь яздо Bloomberg-о.


Украинан «Боинг» кеманна ши ракета тоьхна Тегеран гIалин къилбаседа декъехьара, боху гIажаройн Iедало. Кема ирхдаьлла 6 минот яьлча дина цунна тохар, иза радарашна гучуьра а даьлла, некъах а тилла, нах бехачу куьпал дехьа, футболан майда юьстах а юьтуш, чудоьжна есачу меттехь.


Тергамбечу камераша яьккхина видео яра социалан машанашкахь яржийна юьхьанца дуьйна.


Хаамехь боху, дохийначу «Боинган» техникан хьал довзуьйту баттарчий уггаре чолхечех ю дуьненахь, царна чуьра информаци еша аьтто ца баьлла Тегеранан.


Bloomberg-о дийцарехь, Франци а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а реза ца хилла оцу баттарчийн информаци йоьшу техника гIажарошна яла. Цкъачунна кхеташ дац, хIун хир ду оцу баттарчех. ГIажарийчоьно ша толлур ю уьш, элира хьалхо – амма дIа ца елира Украине а.


«Украинан дуьненаюкъара авианекъаш» компанин «Боинг» дохийна Тегеранан стигалахь кху беттан 8-чу дийнахь. Велла 176 стаг, шайх дукхахберш гIажарой а, канадахой а болуш.


Бохам кеманера техникан хьал вон хиларца иккхина, бохура Тегерано юьхьанца. Амма цо тIаьхьо бакъдира шайн ницкъаша цунна ракета тоьхна хилар. ХIинца пачхьалкх къера ю кема шен эскарша чудаийтина хиларх. Цунна герз гIалат а бевлла тоьхна стигал Iалашъечу шен ницкъаша, чIагIдо ГIажрийчоьно.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *