Кадырова Айманина «Къудсан седа» белла Палестинин президента
![Кадырова Айманина «Къудсан седа» белла Палестинин президента](https://gdb.rferl.org/9D0D5971-8899-4FC9-8047-73AD25AB2507_cx28_cy12_cw69_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан администраторан нанна Кадырова Айманина «Къудсан седа» олу шайн мехкан лаккхара совгIат делла Палестинин президента Iаббас Махьмуда, яздо «Грозный информ» агенталло.
Iаьрбийн мехкашкахь Нохчийчоьнан векал волчу Даудов Туркоца кхаарийдийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь бина и сацам Iаббаса.
Палестино мехала лору Кадыров Ахьмадан фондо бен болх, ша совгIат шен карара дIалур ду Кадырова Айманига кхушеран бIаьста Оьрсийчу веъча, аьлла цо.